Стигалкъекъа баттахь уггаре дукха йийсархой дIасахийцар нисделира - 1000 эскархочунна дуьхьал 1000 стаг. ЦӀабирзинчу эскархойн гергарчара хаам бо, шайн хIусамдай а, вежарий а, кӀентий а цхьана денна а цӀа ца бахкийтира аьлла. Уьш йуха а тIамтIе дӀабигинера, вон чевнаш хилларш а цхьаьна.
"Окно" проектан текст
Мангал-беттан 9-чу дийнахь "Мобилизация" телеграм-каналехь видеохаам гучубелира: Оьрсийчоьнан йийсархочун зудчо доьхура шен цIийнда тӀаме йуха ма вахийтахьара, хийцина цIа верзийначул тӀаьхьа бохуш. 34670-чу тӀеман декъан 752-чу гвардин мотогерзан полкан эскархо Фролов Алексей йийсарехь волу шо сов хан йу, шен рагӀ тIекхачаре хьоьжуш ву иза. Цуьнан хӀусамнанас Маринас кхайкхам бо Ӏедале, низамо ма-бохху, хIусамда цӀаверзор доьхуш, ткъа тӀеман йийсархой маьршабаьхначул тӀаьхьа, шайн гергарчу нахана маракхета а ца буьтуш, йуха а тIеман могӀаршка хьежош хилар тӀечӀагӀдо цо.
"Окна" проектан редакцино хеттарш динчу гергарчара дийцарехь, хийцина салтий лууш ца хилла йуха а тIаме баха.
"Букъа тIехь йалх чов йара, пIелгаш даьхнера"
23 шо долу Путинцев Кирилл Забайкальера Борзя гIалара ву. 2024-чу шеран стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь куьйгйаздина хилла цо контрактана Иркусткера колонихь, цул тIаьхьа номер 95-996 йолчу декъах дIатуьйхира иза.
– Цо контракт йира стигалкъекъа-беттан 28-чу дийнахь, Мангал-беттан 24-чу дийнахь иза зIенера вайра. Суна сайна хиира, иза йийсаре лаьцна хиларх. Ас орца ца доккхуш тIеман гIуллакхдархойх стаг ца витира, цхьа дош ца элира соьга, цхьана а кепара гIо а ца дира. Айса и гIуллакх кегон дийзира сан, машанашкахь видео йаржийра аса, волонтерашка гIо дийхира, Крынина Ирине а. Ас дехар чуделира Кирилл лахийта цуьнан "Хочу найти" проекте – соьга хаам кхечира, хазачу кхоэ сатуьйсуш хила аьлла. Цу хенахь бен ца хиира суна сан ваша дийна вуйла, – дуьйцу Кирилан йишас Янас. – ХӀара интервью эцале хьалха, Кирилл йийсаре лаьцна видео йаийтира соьга – ас иза командирашка дӀакхачийра, царна иза йийсарехь вуйла хоуьйтуш. Цара дуьхьало йира! Иринас сан вешица интервью дӀайазйинчул тӀаьхьа бен вайн эскархоша иза йийсархо хилар къобал ца дира.
Яна - йийсаре лаьцначу оьрсийн эскархойн кӀеззигчу гергарчех цхьаъ йу, цӀераш а йохуш, къамел дан реза йолчарех. Вукхара шаьш кхоьру элира шайна а, шайн стагана а "сингаттам баккхарна".
- ХIан, дика ду, Кристина йовзарехула хьо тобанах дIатоьхна (телеграмехь йийсаре лаьцначу салтийн гергарчара кхоьллина леррина чат). Ткъа хьо цуьнца зӀене йаьлла ВКонтакте олучу социалан машанехула, ткъа иза дика йевзаш йолу ФСБ-н боьха меттиг йу. Хьох хӀунда теша деза тхо? - къамел долийра чатан админех цхьаммо. – Оха мел аьлларрг вовшахтоьхна, дIаэккхар йу хьо – тхуна массарна а дуьхьал гIуллакхаш дохур ду тIаккха "дискредитаци" йина аьлла.
Чатехь цара боккъал а хаддаза критика йо эскархойн буьйранчаллана а, йукъарчу хьесапехь Оьрсийчоьнан Ӏедалшна а, хӀинцца йийсарера цӀабирзина эскархой тIамтIе юхахьежош болчу.
Путинцев Кирилл
- Ткъа бакъдерг аьлча, суна, бен башха дац [мотт беттарх], ас и ма-дарра дуьйцу - сан вешин букъ тӀехь йалх геригийн чов а йу, пӀелгаш дӀадаьхна а ду, ткъа цара иза юха а тIамтIе кхоьссина! Йуха а Iожаллин бага таса аьлла, ваьккхина вац оха иза цхьайтта (!) баттахь йийсарера. Ириница хиллачу къамелехь цо ала ма аьлла, ша ахчанна бен эскаре йазвелла вацара аьлла. Ткъа тӀаккха а - чӀогӀа дохковаьлла иза. Цхьа де ца долу, оцу боьхачу тӀамна юкъагӀортарна иза дохко ца волуш, - мукӀарло до Янас.
2024-чу шарахь къола дарна (ст.158 ч.2) хан токхуш вара Путинцев. Оцу хенахь цхьа шо бен ца дисинера цуьнан колонихь даккха.
- ХӀинца-м хьаха и хан чохь йаьккхича гIоле хетар дара цунна. Амма цара и дойтур дац цуьнга! Ткъа коьртаниг хIун ду аьлча, Кирилла камера хьалха чIагIо ма йина - цара со хийцахь, со кхин тӀаме гӀур вац аьлла. Ишттачу бехкамца бен хийцина а ма вац иза цара! ХӀунда ницкъ бо цара цунна? ХӀунда кхуссу цара иза бертаза йуха а цига?, - оьгIазоьху Яна.
Мангал-беттан 5-чу дийнахь ПутинцевгӀеран доьзале дIахаийтира церан кIант а хуьйцур волуш ву аьлла. 2025-чу шеран стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь кIегаш тIехь санна Iара уьш, Кириллца цхьаьнакхетаре сатуьйсуш. Эххар а ур-атталла цхьана денна а цӀа ца ваийтира иза цара иза.
- Уьш Подмосковье балийра, Мосренгене (Новомосковскан гонашкара эвла), цигахь хеттарш дира [ФСБ-н белхахоша]. Ткъа цул тӀаьхьа маса Кирилл йуха а Украине дӀахьажийра - 95396-чу номер йолчу декъе. Цигахь цара цуьнга ма-дарра аьлла хиллера: "Хьуна цхьа а отпуск лур йац. Ткъа иза тIама йукъара ваккхарх дерг дийца а оьшуш дац! ТӀеман лоьрийн комиссех чекхваккха а дуьхьало йинера цара. Боьхначу букъца, пIелгаш а доцуш, цара иза йуха а тIом бан хIоттийна", - боху эскархочун йишас.
Цул тӀаьхьа Кириллан нерваш хIаллкхилла.
– Цхьана ханна Донецкерчу психиатрин дарбан цӀийне хьажийра иза. Верриге а эгош ву иза, суна иза вовза а ца вевза ишта хилла вацара иза, чIогIа кхоьруш ву иза, ша штурме йухахьажорна. Ас телефон туху цуьнга (цхьацца хенахь тоха йиш йу), ткъа иза ца кхета ша мичахь ву а, йа шена хӀун хилла а ца хаьа. Цунна со а ца йевзира! Ишттаниг тӀаме муха вохуьйтур ву?! Ткъа цара иза дӀахьажор ма ву –лазартнехь вехха иза латто дагахь вац цхьа а, – тешна йу Яна.
"Окна" редакцица хиллачу къамелехь Кириллца цхьана гIуллакх дечара а бохура, щаьш шайна тIе куьйгаш хьур ду шаьш баьхча бен дарбанан цIийне ца хьовсийра шаьш.
– Дуккхаъчу нехан ишта дан дийзира [ша-шена тӀе куьг дахьа гӀертар]. Кхузахь цхьа а вац йухаваха дог долуш. Амма массеран а ирс ца хилла дарбан цӀийне кхача – цхьаберш бинташ а йихкина, юха а дакъошка дӀахьежийра. Тхо массо а юйуа а номер 42038 йолчу декъах дIатуьйхира, штурме хьийсош ду тхо, – боху къамелхочо.
Хьалхо оцу декъера мобилизаци йинчара латкъамаш бора, мобилизаци йина шо даьлча а тӀеман контракташна куьйгаш йаздан декхаре до шаьш бохуш. Дакъойн эскархойн гергарчара видеохаамаш дӀайазбира, цу тӀехь цара дуьйцура шайн буьйранчаша низамаш дохорх а, баккхийчарна а, дуккха а бераш долчарна а мобилизаци йарх.
"Сан воI реза ву чохь хан йаккха"
Оьрсийчоьнан кхечу тIеман 34670-чу декъера эскархочун Алексейн хӀусамнанас мукӀарло до, шен хIусамда а кеста хуьйцур волуш ву, амма дийнна шарахь са а тийсина, хIинца ша хийцийта лууш вац иза. Ткъа хIинца го суна, хийцинарш йуха а Украине тIаме хьийсош хилар. Суна хIинца ца лаьа-кх иза дIасахийца. Йийсарера ваьллачул тIаьхьа йуха а олалле воьдуш ву-кх, - боху Маринас. - Оха, йийсархойн зударша а, наноша а, кехаташ кхехьийтина омбудсмене, президенте а кхайкхамаш беш, йийсарера маьршабаьхначул тIаьхьа уьш цӀа бахкийтахьара, йуха а байъа тIаме а ца хьийсош аьлла. Суна тIаьхь-тIаьхьа хIун аьлла хетий, оцу йийсерхь иза мел ву, дийна ву, кхерамзаллехь ву. Цунна тIехь беш ницкъ а бац, цо бахарехь, иза дийна вуьсур ву ишта.
"Окна" проектаца къамел динчу кхечу зудчо дийцарехь, цуьнан 20 шо долу кIант Даниел а ву хийца кечвеш, цо а бохура, иза набахте хьажо реза йара ша, йуха а тIамтIе вохуьйтучул а.
– Цкъа къамел дайтира соьга цуьнца (2025-чу шеран охан-баттера схьа дуьйна йийсарехь ву). Сан кIанта бохура: "Суна хан тохахь, и 3-7 шо чохь даккхар гIоле ду, амма йуха кхуза вогIур вац со". Ас аьлла: "Дика ду, сан кIант", - бохура Татьянас.
Янас дийцарехь, Путинцев Кирилл а ву изза ойла йолуш, цуьнан доьзал а кийча бу адвокатна догIу ахча дала, амма кхоьру, иза кхеле ца кхочуьйтущ, тӀом бан реза вацахь а, "тIаме кхосарна".
Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, Женеверчу конвенцин 117-чу артикло тӀеман йийсархой цӀабирзинчул тӀаьхьа эскарехь латтор доьхкуш делахь а, Оьрсийчохь а, Украинехь а Ӏедалша иза лардеш цахилар.
- Де-факто Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица дерриг а контракташ хӀинца хан йоцуш ма йу. Ткъа Оьрсийчоьнан низамашкахь цхьа агIо йу, цуьнца а догӀуш, хӀинца машар бина а боцуш, жигара тӀеман операцеш дӀахьош хиларна, тӀеман йийсархой тӀеман гIуллакхдархойн статусехь буьсу. Аьлча а, боьдуш болу тӀом бахьана долуш, йийсарехь хилар бахьана дац эскарера стаг дӀаваккха, - боху Алексейс (цуьнан кхерамазалла ларъйеш йуьззина цӀе йоккхуш йац оха). - Нагахь санна, йийсархо лазийна велахь, тӀаккха теорехь цуьнан йиш йу тӀеман лоьрийн комиссих чекхаваккхар ша тIедожон. Амма и вовшахтоха хала ду, хьо "гражданкехь" вацахь.
- Дагестанехь а, Нохчийчохь а рейдаш йеш, лоьцуш бу эскарехь гIуллакх дан хан йолу бахархой, хаамаш бира бакъоларйархоша а, юристаша а, меттигерчу бахархоша а. Бертаза тIеман комендатурашка дIабуьгу утр-атталла студенташ а, официалехь тIекхайкха бакхо йоццушехь, цхьаберш ши-кхо де даьлча эскаре дIахьийсабо. Бахархошлара жигархоша чIагIдо, цхьаболу лецнарш Украинана дуьхьал бечу тIамехь тIаьхьо гучубуьйлу.